Де дика хила шу лараменаш! Тахана 05.06.2026 шо ду. (п1ераскан де). — 5 июня 2026 г. в 20:21:39.519
Де дика хила шу лараменаш! Тахана 05.06.2026 шо ду. (п1ераскан де). ПБКДХЬ ,,У-Г1ПТ" Пачхьалкхан Бюджетни Корматаллин Дешаран Хьукмат ,,Устрада-Г1алин Пачхьалкхан Техникум", техникумо кхид1а а д1ахьо 1аморан а, кхетош-кхиоран болх. Аллах1 Дала вай мелла лелошдериг Шена доьхьа дойла. Аллах1 Дала Ша везша, Шена дезша долу тобанах дойла вай. Амин Ахь даржош долу пайде дерга - и ду дуьсуш долу (лаьтташ долу) саг1а! Хьора хьехархо - дешархо хила веза бохурга : хьехархо 1илмангахь сов волуш, шайн хьекъал-хьикмат ирдеш хила веза даиманна! Стаг кхочча хьехархо ву ала хьакъ долуш хира ма вац, шайна дахарехь и даиманна дешархо хилла 1аш вацахь! Ткъа хьора дешархо - хьехархо хила веза бохурга, хьора дешархо, ша схьаэцана 1илма даржо лууш, и даржорехь къахьогуш а хила веза! Шен чохь, шайн доьзалан и хьехархо а, и дешархо бен вацахь а, шайн ц1ахь, шайн дени-нанни, йиша-вешан и диканиг хьоьхуш, и диканиг хьора адаман лууш хила веза! Оц ноти т1ехь техникум жигара болх беш йу даймехкан а, шен хьалкъан а дуьхьа. Аллах1 Дала тьахье беркате йойла вайн болхан, дахаран а, Везан Дела!

