Соьлжа-гIалахь дIадаьхьира Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн Университетан «КъаМел» цIе йо...
Соьлжа-гIалахь дIадаьхьира Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн Университетан «КъаМел» цIе йолчу клубан рогIера цхьаьнакхетар. Билгайаьккхина тема йара «Гуьйренан суьйре». Декъашхоша шайна даго къобалйина байташ а йоьшуш, уьш йийцаре а йеш дIадаьхьира цхьаьнакхетар. Хьешашна синкIоме хин долу ловзар а хIоттийра. Цхьаьнакхетар дерзош массара шайна хетарг олуш, шайна тайнарг хьахош, бистхиларца цхьаьнакхетар дерзийра. Кегийрхоша хазахетарца жигара дакъа лецира и болх цхьаьнатухуш. #ПрограммаРазвития_ЧГПУ #Нохчийн_мотт