Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедро а, Нохчийн Респу...
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедро а, Нохчийн Республикин йаздархойн союзо а, Зорба тохаран цӏийно а цхьаьна дӀайолийна «Органан тулгӀе» цӏе йолу дешаран керла проект. Проектана куьйгалла дийр ду нохчийн филологин кафедрин доцента Хазуева Барета а, НР-н йаздархойн союзан правленин декъашхочо, литературин-исбаьхьаллин "Орга" журналан редактора Алиева Заринас а. Проектан гурашкахь хӀора кхаа баттахь дӏахьур ду студентийн а, хьехархойн а, нохчийн вайзаманан прозин а, поэзин а авторшца цхьаьнакхетарш. Проектан Iалашо йу дийначу литературица доьзначу гӏуллакхашца университетан зӀе чӀагӀйар а, кегийрхошна керла цӀераш йовзийтар а, нохчийн матте а, литературе а, культуре а шовкъ кхиор а. Хьалхара цхьаьнакхетар йаздархочуьнца Овхадова Яхитица хилира. Цо шен кхоллараллин некъ бовзийтира, шена зеделларг дийцира, гулбеллачара деллачу хаттаршна жоьпаш делира. Нохчийн филологин кафедрин куьйгалхочо Товсултанова Джамиляс билгал ма-даккхара, ишттачу цхьаьнакхетарша аьтто бо автор дика вевзина ца Ӏаш, вайзаманан литературин произведени кхоллайаларх а, цуьнан вастех а, темех а, коьрта ойланах а кхета, и хаттарш дийцаре дан. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедро къаьсттина тидам тӀебохуьйту нохчийн мотт а, литература а ларйарна, Ӏаморна, йаржорна, ткъа «Органан тулгIе»проект хир йу йешархошна а, Iилманчашна а, йаздархошна а йукъахь сема диалог дӀайахьаран рогӀера майда. #ПрограммаРазвития_ЧГПУ #Нохчийн_мотт