"Дайн кхача" керлачу декъехь оха кхойкху шу Гуьмсан кӀошта. — 24 августа 2026 г. в 12:16:05.878
"Дайн кхача" керлачу декъехь оха кхойкху шу Гуьмсан кӀошта. Вайн культурин кхо аг1о цхьаьнатоьхна выпускехь: Кхача кечбар: мел воккха хьаша веача а хьалха х1отто мегаш, ц1ейаххана йолу «паччахьан галнаш» муха йо дуьйцур ду. Зударийн кхоллам: вай тахана а шайн доьналлин сий деш болчу нохчийн мехкарех дуьйцур ду. Ӏадаташ: г1иллакхийн башхаллех дуьйцур ду. Нагахь некъахула вогӀуш масех стаг велахь, царах хьалхаваьлла мила хила веза? Хьовса хьаьттан беттан 25-чу дийнахь 19 сахьт 30 минот йаьлча "Грозный" НПТРК-хь.

