Тхан лараме дешархой! — 2 апреля 2026 г. в 04:25:11.442
Тхан лараме дешархой! "Зорбатохаран цIийно" нохчийн литературин-исбаьхьаллин "Орга" журнало нохчийн меттан денна лерина 7-11-чу классийн дешархошна йукъахь "Ас ненан маттахь Даймохк боьшу" цlе йолу сочиненин, эссен конкурс дlакхайкхайо. Сочинени, эссе, шаьш йешначу, шуна дагахь йисинчу нохчийн маттахь йолчу литературин говзарх йа литературин турпалхочух хила йеза. Оханан беттан 20-гӀа де кхачале материалаш схьайаийта хӀокху адресца. E-mail: orgagroz@mail.ru ЗIене довла хIокху номерца 89287802937 Толамхошна деза совгlаташ дийр ду.

