Хьабдинчу бІаьргашца цlерга Кхийсалуш массарел хьалха, — 24 июля 2026 г. в 10:54:44.521
Хьабдинчу бІаьргашца цlерга Кхийсалуш массарел хьалха, Бекхамна хьекхаеш цергаш, Хьан вонна хІоттийна балхам, Нохчийчоь, ас хьо ца хьоьсту! Элладин бІаьрлагІаш йостий, Чlагlонна дуй буий шалха, Сан ненан мотт санна, оьзда Хьан стиглахь керчачу малхах, Нохчийчоь, ас хьо ца хьоьсту! Хьан некъан некъа тlе вала И малх бен кхин магац къилба. Стогаллин собаре амал Іуьйренех таръеш Олимпан, Нохчийчоь, ас хьо ца хьоьсту! Дуьненах диссина доь ган. Лаьмнаша кхиийна маршо Вopxle a дегара соьга Йоьссинчохь, хин кисех хьарчо, Нохчийчоь, ас хьо ца хьоьсту! Ас йу, йотту хьо, кхорзу, Цlий муьйлу, ца хоьттуш-хьенан?.. Йуха а хьуна тІевоьрзу, Хьо йоцуш со воцу дела, Ца хилча ца мега дела! Оспанов Къосум

