Нохчийн Республикин къоман — 21 августа 2026 г. в 06:21:36.650
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна "Даймохк" газето Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 75 шо кхачарна лерина ишколийн дешархошна йукъахь тоьлла статья йазйаран "КАДЫРОВ АХЬМАД- ХЬАЬЖИН НЕКЪ" къовсамехь шолг1а меттиг баьккхина тхан ишколан 10 классан дешархочо Юсупова Раянас. Раянина диплом а, мехала совг1аташ а делира "Даймохк" газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара а, Нохчийн Республикин журналистийн союзан председатела, "Вести республики" газетан коьртачу редактора Исмаилов Илеса а, Нохчийчоьнан МинНацИнформан белхалочо Вазаралиев Висадийс а. Раяна даимна кхиамашца схьайог1уш йу. Тхан ишколехь хуьлучу мероприятишкахь жигара дакъа лоцуш йу. Нохчийн мотт безаш а, цуьнна т1ехь цо къахьегар, маттаца цуьнан йолу уьйраш гучуйовлу вайн цо тоьлла меттиг баккхарца. Дала т1аьхье беркате йойла, Раяна. Дала кхин а кхиамашкахь совйоккхийла хьо!

