🎉 Синан а, дешан а Дезде: Соьлжа- Г1алин хьехархойн колледжехь Нохчийн — 24 апреля 2026 г. в 23:25:40.713
🎉 Синан а, дешан а Дезде: Соьлжа- Г1алин хьехархойн колледжехь Нохчийн меттан Де! 🎶 Баккъалла а, даздаран а, синкъераман а хилам бара тахана Соьлжа-ГӀалин хьехархойн хьукматехь д1абахнарг! ✨ Оха дозаллица билгалдаьккхира Нохчийн меттан Де! Дегайовхо а, къоман г1иллакх- оьздангалла а вовшахъиэдеш, х1оттийна, хаза мероприяти йара колледжан дешархоша а, хьехархоша а вовшахтоьхнарг. Ладог1архойн дегнийн к1оргене кхочуш, меттан исбаьхьалла йостуш, Ненан меттан дозалла дуьйцуш йара кегирхоша йийцина байташ, аьлла иллеш а. Къоначу мехкарийн хелхаран хӀора гӀулчехь а халкъан истори гуш хетара.Х1ара де кхин а цхьа тоьшалла хили вайн исбаьхьа нохчийн мотт – вайн халкъан хазна хиларан. И ларбар, кхиор, къоман тӀаьхьене и дӀакхачор а вайн декхар хиларан а!

