Перейти к содержимому
Максиметер

Ассаламу 1алайкум!

Ассаламу 1алайкум! Тахана Гуьмсе-Г1алин С. С-А. Джунаидовн ц1арах йолчу хьехархойн колледжехь доккха дезаде хилла д1ах1оьттира 1-3 курсийн студенташа, хьехархочун Маллаева Амхьадан Загрин куьйгаллица, кечйина стоьлаш, «Нохчийн кхача» – иштта йара мероприйатин ц1е. Студенташна, церан наношна баркалла олура массара а. Ахьаран сискал, т1о-берам, к1алдаьтта, ниттийн хьалт1амш, ч1епалгаш, хингалш, ахьаран галнаш, кхехкийна дакъийна жижиг, йоьхьаш, жижиг-гала – доцуш даарш дацара стоьлашна т1ехь. Хьехархоша, студенташа дезар ийцира оцу башха чомехьчу даарех. Йуха а, Дела реза хуьлда оцу т1ехь къахьегначарна. Дала т1аьхье беркате йойла!

Канал в каталоге Максиметера

657 подписчиков · Образование

Другие публикации канала

Популярные публикации канала

Ещё по теме «Образование»

Читать дальше

Два раза в неделю свежие посты этого канала — на почту и в личную ленту. Без повторного поиска канала вручную.