ГБПОУ "Гудермесский педагогический колледж имени С.С-А. Джунаидова"
Образование · 6 марта 2026 г.
Пачхьалкхан бюджетан корматаллин дешаран учрежденехь — 6 марта 2026 г. в 23:16:36.895
Пачхьалкхан бюджетан корматаллин дешаран учрежденехь «С.С-А. Джунаидовн ц1арах йолу Гуьмсера хьехархойн колледж» дешархошна йуккъехь д1абаьхьира «Нохчийн меттан говзанча-2026» ц1е йолу къовсам. Къовсаман 1алашо: - вайн мотт уггаре исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; - дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте а , 1аламе а бовха безам кхоллар. Массо декъашхочо 1аламат хаза болх йазбинера, делахь а, муьлхачу къовсамехь толамхо билгалволу, иштта кху вай къовсамехь уггар хаза а дика а эссе йазйинарг къастийра. Нохчийн мотт мел беха, нохчийн къам дехар а, кхуьур а ду. Вайн декхар ду, вайн мотт мелла а бийцар.

