ГБУ ДО "Ойсхарская детская художественная школа №2"
Образование · 1 апреля 2026 г.
2026 шеран бекарг беттан 31-чу дийнахь Ойсхара -ГIалара К.Л.Тепсуевн ц1арах №5 йолчу й... — 1 апреля 2026 г. в 19:18:52.171
2026 шеран бекарг беттан 31-чу дийнахь Ойсхара -ГIалара К.Л.Тепсуевн ц1арах №5 йолчу йуккъерачу ишколехь дIайаьхьира «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьрта экзаменна кечамбаран дикалла а, йешаран т1ег1ан дикалла а лакхайаккхар, меттан функцин говзалла лакхайаккхар» цIе йолу практически семинар. Иштта цу семинарехь жигара дакъалецира Ойсхара-Г1алара берийн суртдилла 1амочу ишколан белхахоша. Цара гайтаме дихкина дара Нохчийчуьра хазачу 1аламан суьрташ. Семинаре кхайкхина бара Гуьмсан муниципальни кIоштан ишколашкара нохчийн меттан, литературин хьехархой. Хьехархочо Хасанова Абусаидан Есирата йелира 6-чу классехь «Хандешан билгалза кеп» тема йолу нохчийн меттан урок.

