Халкъ шен баьчча воцуш дисира. БIарзделла, доьхна, Iадийна дисира нохчийн халкъ. Толама...
Халкъ шен баьчча воцуш дисира. БIарзделла, доьхна, Iадийна дисира нохчийн халкъ. Толаман дийнахь... Махкахь тезет хIоьттира. Амма халкъ йуха а ира-карахIоттош, кханенах тешам, шен ден Ахьмад-Хьаьжин буйнара байракх, машаран байракх, охьа ца йожийтира цуьнан кIанта Рамзана (Дала Iалашвойла иза!). Цо дерриге а дуьненна дIахьедира ша шен дас дина весеташ кхочушдийриг хилар а, цо болийна некъ толамца чекхбоккхург хилар а. Россин Президента Путин Владимира аьлла ма-хиллара: «Ахьмад-Хьаьжа гуттаренна а тIом дIа а баьккхина, тоьлла а волуш дIавахана вайна йукъара». Цуьнан некъаца вогIуш волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо кхочушдина, кхочушдеш а ду Ахьмад-Хьаьжин весеташ. Тахана дуьненахь а уггаре а маьрша, синтеме, аьхна мохк бу Нохчийчохь. Кхузахь санна дин Iамо, лело маршо йац дуьненан цхьана а пачхьалкхехь. Эзарнаша маьждигаша, хьуьжарша, иттаннаш зераташа кхелина йу вайн ярташ, шахьарш. Ирсах лепаш йу бахархойн йаххьаш. И дерриге а вайн къоман баьччин Ахьмад-Хьаьжин беркат ду. Оцу беркатах ирс эца, цуьнан хама бан Везачу АллахIа ийман, хьекъал, кхетам лойла вайна. МЕЖИЕВ Салахь-Хьаьжа, Нохчийн Республикин муфти