#Repost @daymohk_gazet — 25 апреля 2026 г. в 16:51:58.567
#Repost @daymohk_gazet ・・・ Нохчийн халкъана уггаре а маьӀнечу денойх цхьаъ ду тахана - Нохчийн меттан де. Иза билгалдоккхуш ду 2007-чу шарахь дуьйна. ХӀетахь "Нохчийн меттан де" дӀакхайкхоран хьокъехьчу Указна (№207 / 11.05.07) куьг йаздира Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дӀадолорца оьрсийн мотт а санна, нохчийн мотт а бу пачхьалкхан мотт аьлла Нохчийчоьнан Конституци тӀехь билгалбина.

