Мотт ца хилча - къам хир доций вайна хууш ду . Вайн меттан х1у ца дайта даимна а къа ... — 25 апреля 2026 г. в 11:37:59.402
Мотт ца хилча - къам хир доций вайна хууш ду . Вайн меттан х1у ца дайта даимна а къа хьоьгуш , вайн къома оьзда г1иллакхаш карладохуш, матте болу безам алсамбоккхуш болчу йаздархой, иштта Нохчий мотт ларбарехь доккха дакъа лоцуш - вайн хьехархой хилар. Цара вайна т1екхуьу чкъор ненан мотт беза а, нийса бийца а 1амадо. Шен мотт хаар, Даймохк безар, вайн массеран а декхар ду. Къоман уггаре мехала ненан мотт лерина вайн дайша. Ненан мотт кхиорехь къахьоьгуш, вайн къома хаза амалаш, сифаташ гойтуш долу шу, Сий -лерам бойла шун Дала а, махко а. Шу бакъ долу турпалхой ду. Дала дебитийла шен ненан меттан сийдийриш, цуьнан хазалла гойтуриш.

