Бекарг беттан йалхалг1ачу дийнахь Закан-Юьртара Д.С.Саитовн ц1арах йолчу школехь нохчий... — 6 марта 2026 г. в 19:52:48.452
Бекарг беттан йалхалг1ачу дийнахь Закан-Юьртара Д.С.Саитовн ц1арах йолчу школехь нохчийн меттан а, литературин хьехархочо Бацаева.К.С школан « Дайн кхерч»ц1е йолчу музейхь 6-чу классан дешархошца д1адаьхьира бераш кхетош-кхиоран цхьаьнакхетар. Музей чохь вовшахтоьхна вайн дайша йаханчу -заманахь 1ер-дахарехь лелийна йолу х1уманаш:духарш, пхьег1аш, кхин д1аболу г1ирс а бу. Музей чуьра г1ирсо г1о до берашна вайн дайн истори йовза а,1ер-дахаран бакъдолу сурт дуьхьалх1отто а. Йаханчу заманца йолу уьйр д1а а ца хадош,вайн халкъан син-оьздангалла ларйеш,ненан мотт 1алашбеш схьадаг1ахь,вайн т1екхуьу чкъор оьзда а,г1иллакхе а хир ду,ткъа иза вай дицдахь,вайн кхане заь1апе хир йу,х1унда аьлча шен селхане йицйинчу къоман кхане г1ийла хир йу, йа хиллане а хир йац.

