Тахана, 2026 шеран чиллин беттан 20-чу дийнахь, Нохчийн Республикехь дӀайаьхьира Дуьнен... — 20 февраля 2026 г. в 19:08:03.269
Тахана, 2026 шеран чиллин беттан 20-чу дийнахь, Нохчийн Республикехь дӀайаьхьира Дуьненайукъарчу ненан меттан денна лерина «Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу Регионан этнографин диктант. Цуьнан чулацамо йукъалоцу тестийн кепехь долу 80 тӀедиллар. Диктант массо а муниципальни кӀоштийн, гӀалийн округийн йукъардешаран хьукматашкахь цхьана хеннахь, 10 сахьт даьлча, дӀайолийра. Диктантан Ӏалашонаш: – дешархойн лингвистикин а, литературин а, этнографин а декъехь долчу хаарийн тӀегӀа йовзар; – йукъардешаран хьукматийн дешархойн ненан маттах, литературех долу хаарш лакхадаха лаам кхоллар; – эхь-бехкан а, патриотизман а буха тӀехь граждански йукъаралла кхиор.

