Нохчийн меттан Денна лерина Ножай-Юьртарчу А.А.Ахмедовн цӏарах N 8 йолчу гимназехь дӏад... — 25 апреля 2026 г. в 20:47:25.940
Нохчийн меттан Денна лерина Ножай-Юьртарчу А.А.Ахмедовн цӏарах N 8 йолчу гимназехь дӏадаьхьира тайп-тайпана даздарш: байташ йешаран,сочиненеш йазйаран,суьрташ дахкаран.Классни куьйгалхоша оцу денна лерина кечамаш бинера: ловзарш,кл.сахьташ, самукъане,забаре суьрташ хӏиттор и.д.кх. Оханан беттан 22-чу дийнахь, Нохчийн меттан Де даздар дерзош, гимназехь дӏадаьхьира "Нохчийн мотт,хьо бахалахь",цӏе йолу цхьаьнакхетар. Хаза а,чулацаме а, мехала а дара и цхьаьнакхетар. Дешархоша меттан мехала хилар,цуьнан оьздангалла,и безаш хила везарх лаьцна дуккха дийцира.

