Лараме Мехк-Да, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! — 25 апреля 2026 г. в 07:30:58.624
Лараме Мехк-Да, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Нохчийн къоман синмехаллин бIогIам болчу - Нохчийн меттан денца - даггара декъалво Хьо сайн а, берриге а хьехархойн йукъараллин а цIарах! Мотт - иза къоман са, цуьнан истори а, кхане а йу. Хьан куьйгаллица вайн республикехь нохчийн мотт ларбарехь а, цуьнан сий айъарехь а беш болу баккхий белхаш вайна массарна а гуш бу. Ахь бераллехь дуьйна хьайн доьзалехь схьаиэцна йолу оьздангалла а, нохчалла а тахана вайн къоман ирс кхолларехь доккха масал ду. Хьехархойн коллективаш даима а кийча йу хьан массо а дикачу гIуллакхашна тIехь хьуна накъостий хила. Оха тхайн берриге а ницкъ кхоор бац вайн мотт а, гIиллакх-оьздангалла а тIекхуьучу чкъурана йовзийта а, церан дегнашкахь цуьнга безам кхио а. ХIокху дезачу дийнахь декъалдо вайн сийлахь нохчийн къам а! Дала вайн Къоман Да а, Мехк-Да а волуш Хьо дуккха а шерашкахь вайн къоман сий айдеш вехийла! Дала вайна вешан мотт бийца а, цуьнан марзо хаа а хьекъал а, собар а лойла! Дуьне мел лаьтта, бехийла вайн нохчийн мотт! Сий хуьлда къоман оьзда ламасташ лардечун!

