МБОУ "Илсхан-Юртовская СШ №2".
МБОУ "Илсхан-Юртовская СШ №2". 2026 шеран чиллан беттан 20-чу дийнахь тхан ишколехь "Беза, бовза ненан Мотт!" ц1е йолу Региона этнографин диктант йара. "Нохчийн Мотт - къоман са ду. Мотт дийна мел бу, деха халкъан иэс, кхетам, амал, синмехаллаш. Шен мотт д1атесча, бицбича, лар йоцуш, доьза дов халкъ", бохуш дуьйцу вайн Нохчийн Республикан Мехк -Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана. Оцу 1алашонца кечйина хийтира тхуна цу диктанта хаттарш. Синмехаллин, 1илманна беркате йу и мероприяти.