«Беза, бовза ненан мотт!» — 20 февраля 2026 г. в 17:17:11.555
«Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу регионан этнографин диктант «Нохчийн мотт – иза къоман са ду. Мотт дийна мел бу, деха халкъан эс, кхетам, амал, синмехаллаш. Шен мотт дӀатесча, бицбича, лар йоцуш, доьза дов халкъ». (Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Турпалхо,Кадыров-Ахьмад-Хьаьжин орденан кавалер). Оцу кхайкхамца 2026 –чу шеран чиллин беттан 20-чу дийнахь «Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу регионан этнографин диктант д1айаьхьира Комсомольскерчу йуккъерчу ишколехь. Диктантан 1алашонаш йара: - эхь-бехкан а, гуманизман а, патриотизман а буха т1ехь граждански йукъаралла кхоллар; - Нохчийн Республикин дешаран хьукматашкарчу дешархойн а, ткъа иштта шайн лаамехь диктантехь дакъа мел лаьцначун а нохчийн маттах долчу хаарийн т1ег1а билгалйаккхар; литература а, этнографи а, культурологи а 1аморна; - диктантан декъашхойн шайн ненан (нохчийн) маттах долчу хаарийн барамах, мехаллех лаьцна ойла кхоллайалийтар а, и хаарш лакхадаха церан лаам алсамбаккхар а. Диктантан декъашхой 14 шарера д1а хьала хан йолуш бара. Шайн лаамехь йукъабаьхкинчу декъашхойн таро хилира нохчийн маттах а, литературех а долу хаарш талла. Нохчийн мотт кхиорехь, бовза а лаам кхолларехь мехала г1уллакх дара д1адаьхьнарг.

