Тахана, хьаьттан беттан 22-чу дийнахь, Нохчийн Республикин дуьххьарлера Президент, Росс... — 22 августа 2026 г. в 10:16:29.127
Тахана, хьаьттан беттан 22-чу дийнахь, Нохчийн Республикин дуьххьарлера Президент, Россин Федерацин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гӏазот къобалдойла цуьнан!) дагалоцуш, мавлид дийшира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӏарах йолчу Керла-Бенарчу йуккъерчу ишколехь. Вайн Даймохк къизачу тӏеман баланан боданечу мархаша дӏалаьцначу муьрехь, бода къахкош схьакхетачу малхах тарвелла, вайн къоман Баьчча хилла дӏахӏоьттира Ахьмад-Хьаьжа (Дала гӏазот къобалдойла цуьнан!). Вайн къоман маршонан дуьхьа ша йуьхьарлаьцначу цу сирлачу некъахь, гуттаренна а вайн дегнашкахь ваха вуьсуш, шен къона са дӏаделира цо. Дала гӏазот къобалдойла хьан, нохчийн йахьйолу Къонах, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа! Нохчийн къомо цкъа а вицвийр вац хьо!

