Йаздархо дІавели, давели куонах, Махкана, ца кхоош, дІавелларг ша, — 27 апреля 2026 г. в 23:12:17.945
Йаздархо дІавели, давели куонах, Махкана, ца кхоош, дІавелларг ша, Пиртинарг ненан мотт Іалашбан вуонах, Комана гатдина, лазийнарг са. Къахьегнарг кхиийта дайн оьзда гІиллакх, Дайн сийлахь ламасташ диц а ца дан, ДІаводу тахана сегаре хилла, ТІаьхьарчу ТІаьхьешна масаллина. И дезаш вацара хьарамло лелор, Шегара кхечунна хилийтар вас, Шех тешнарг Іехавеш, шалхонаш лелор, Шен бехках аддамна хилийтар арс.

