Коьран-Бена йуьртан йукъардешаран ишколехь дӏаяьхьира Нохчийн меттан денна лерина мероп... — 22 апреля 2026 г. в 09:50:15.844
Коьран-Бена йуьртан йукъардешаран ишколехь дӏаяьхьира Нохчийн меттан денна лерина мероприяти. Коьран-Бена йуьртан йукъардешаран ишколехь доккхачу ларамца а, хазачу кепара а дӏаяьхьира Нохчийн меттан денна лерина мероприяти. И деза де даздархьама, ишколан дешархоша гайтира шайн ненан матте болу боккха безам а, иза лоруш хилар а. Мероприятин коьрта дакъа ишколан дешархоша дӀайийшира хаза стихотворенеш. Цара шайн дагахь болу безам, Нохчийчоьнна а, ненан меттан а болу ларам байташкахула дӀахьедира. Ишколан хьехархоша а, администрацис а билгалдаьккхира ишттачу мероприятийн мехалла, дешархойн дахарехь мотт ларбарехь а, кхиорехь а.

