Хlара тlе догlу керла шо беркате хирг хилар тешна ду вай. — 1 января 2026 г. в 01:02:32.813
Хlара тlе догlу керла шо беркате хирг хилар тешна ду вай. Хlунда аьлчи, мархийн беттан, кхаа беттан хьалхара Раджаб баттаца долалуш ду- кха хlара. Дала беркате дойла! Аллахlа къинхетамца, вайн элчана шапаlатца, эвлияи беркатца догlийла хlара керла шо. Да нана доьзалах ца долуш, доьзалш дех ненах ца къаьсташ, йижри вежри вовшех ца бовлуш догlийла вайна керла шо. Паччахьийн барт цхьаъ хуьлуш, тlеман бала дlа болуш,вай кхоьллинчу Аллахlа зенах-зуламах вай лардойла. Цомгуш бериш цамгарх бовлуш, заьlапчарна гlоли хуьлуш, даге, дегlе ладоьгlуриш Аллахl дала паргlат бохуш. Шайн доьзалаш муьтlахь хуьлуш, де а ненан дог хьостуьйла. Гlиллакх гlуллакх цаьргахь долуш, къинхетаме уьш кхуьийла. Даймахках вай ма хьоьгийла, маттах хаьдда ма лелийла, вовшийн дезар, ларар долуш, вай йоккху хан, беркате хуьлийла. Гергарлонаш ма хедийла, вай марзонех ма довлийла. Дерриг шегахь долуш Волчо, барт цхьаъ болуш lалашдойла! lуьйре суьйре ирсе йолуш, вахар-вар маьрша долуш, Аллахl реза волуш вай дерриге а дахадойла!

