Нохчийн меттан Денна лерина йолу мероприяти д1айаьхьира Даьрг1арчу йукъардешаран ишколе... — 3 мая 2026 г. в 18:19:50.128
Нохчийн меттан Денна лерина йолу мероприяти д1айаьхьира Даьрг1арчу йукъардешаран ишколехь . Оханан беттан 25-г1а де вайн Мехкан Дас Кадыров Рамзана билгалдина,Ненан меттан сий кхин а айдина, лакхадаьккхина дезде ду. Тхан ишколерчу хьехархоша дика кечбинера дешархой, тайп-тайпана байташ, забаре дийцарш,сценкаш, кицанаш,х1етал-металш,говза аларш дийцира цара. Нохчийн йаздархойх, поэтех лаьцна дийцира. Ненан мотт безар, 1амор,хаар вайн коьрта декхар ду,доьзалехь и бийца а беза,берашна 1амо а беза,цуьнан сийлалла йовзийта а йеза.Нохчийн хьалхарчу президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан),аьлла дешнаш ду: "Мотт бу-къам ду,мотт бац-къам дац."Нийса дешнаш ду уьш,вайна безаш хила беза вешан мотт,1амо а,ларбан а беза и.Дешархоша ц1ена а,хаза а йешначу байташа тоьшалла дира царна ненан мотт безаш хиларна,иштта жимчохь дуьйнна марзбича цара и шера а,ц1ена а,оьзда а буьйцур бу.Даимна а сий хуьлда ненан мотт лоруш волчуьнан! Баркалла,Дела реза хуьлийла ала луур ду мероприяти кечйеш, дешархошна ненан мотт марзбеш къахьегначу хьехархошна а.Дала т1аьхье беркате йойла!

