Даьрг1арчу йукъардешаран ишколехь д1айаьхьира мероприяти. — 29 апреля 2026 г. в 19:38:49.523
Даьрг1арчу йукъардешаран ишколехь д1айаьхьира мероприяти. Иза лерина йара т1екхуьучу кегийчарна нохчийн г1иллакхаш, г1уллакхаш,ламасташ довзийтарна.Дешархоша гайтира куьйган говзаллаш,хьалхенгахь баккхийчара лелийна шира белхан г1ирсаш, шира духарш,уьш муха кечйеш хилла а,цаьрца болх муха беш хилла а. И болх лаккхарчу говзаллица д1ах1оттийна хилар гуш дара, дешархоша каде а,нийса а и д1абахьарехь,хьовсуш болчара хазахетарца,самукъадаларца,дехха т1араш деттарца т1еоьцура х1ора а кечдина долу сурт.Массара а цхьабарт болш дийцира иштта мероприятеш сих-сиха йича кегийчарана ч1ог1а пайде хирг хилар,шира дахар карладоккхуш,дайн г1иллакхаш,нанойн оьздангалла,ков-кертахь болх бан 1амар ч1ог1а оьшуш хилар гуш хир дара аьлла.Дела реза хуьлийла и болх д1ах1оттош къахьегначарна.

