Ненан мотт - къоман, цуьнан культурин, историн бух бу. Вайн мотт 1алашбарна боккха тида... — 28 апреля 2026 г. в 04:16:26.707
Ненан мотт - къоман, цуьнан культурин, историн бух бу. Вайн мотт 1алашбарна боккха тидам т1ебохуьйтура Нохчийн Республикин хьалхарчу президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Махкахь чолхе зама йолчу хенахь цо уггаре а хьалха ардаьккхинчех дара нохчийн мотт пачхьалкхан мотт хилар кхайкхош долу указ, вайн махкахь нохчийн маттахь журналаш, газеташ арадийлита, теле-, радиопередачаш хилийта дукха къахьийгира цо.

