Марша догӀийла шу "Нохчийн меттан де" предметни кӀиране!☺️ — 24 апреля 2026 г. в 20:44:59.530
Марша догӀийла шу "Нохчийн меттан де" предметни кӀиране!☺️ Нуьцкъала а, хьалдолуш а, мукъаме а, ховха а бу вайн ненан мотт! Вайн ненан маттахь ду наноша шайн берашна лоькхуш иллеш, вайн ненан маттахь ду дайша дахарехь хьехамаш беш! Бух, мотт бовзаран бух бераллехь буьллу, дешаран шерашкахь. Тхан ишколехь дӀадаьхьира нохчийн хазачу маттах, цуьнан шатайпанчу башхаллех, цуьнан шатайпаналлех лаьцна Ӏаморан кӀира. Йуьхьанцарчу а, йуккъерчу а классийн хьехархоша дӀаяьхьира дог эцалуш йолу урокаш а, самукъане классал арахьара гӀуллакхаш а! ХӀокху мероприятин Ӏалашо: мотт а, цуьнан истори а Ӏаморе шовкъ кхиор. Лаьа вайн тӀекхуьучу чкъурана шайн матте безам дахарехь хуьлийла!✨💫

