Нохчийн меттан денна лерина к1оштан ишколашкахь биначу белхан жам1 деш, оханан бетта... — 27 апреля 2026 г. в 18:54:36.022
Нохчийн меттан денна лерина к1оштан ишколашкахь биначу белхан жам1 деш, оханан беттан 27-чу дийнахь, Хамби-Ирзин А.А.Цацаевн ц1арах йолчу йуккъерчу ишколехь, д1айаьхьира «Бекалахь, ненан мотт, тахана!» ц1е йолу йиллина мероприяти. Мероприяти схьайоьллуш вистхилира к1оштан Дешаран декъан куьйгалхо Ахмадов Хасан Рамзанович, цо дош делира хьешашка Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан Министран г1овсе Зубхаджиев Мохьмад-1ела Вахаевиче, Т1ехьа-Мартанан к1оштан куьйгалхочуьнга Ахмедов 1усман Хизировиче а. Хьешаша Нохчийн меттан дийнан мехаллех лаьцна дийцира, Нохчийн Пачхьалкхан Куьйгалхочун Россин Турпалхочун Кадыров Рамзан Ахматовичан Указца билгалдина Нохчийн меттан де нохчийн мотт, къоман сий-оьздангалла, халкъан кхане, цуьнан къона т1аьхье шайн къоман г1иллакхаш, ламасташ лардеш кхиорна т1ехьажийна хилар а билгалдира. Тоьлла хьехархой а, к1оштан къовсамашкахь толамаш баьхна дешархой а билгалбехира Сийлаллин грамоташца. Мероприятехь дакъалоцуш бара к1оштан Дешаран декъан белхалой, ишколийн куьйгалхой, нохчийн меттан хьехархой, дешархой. Дешархоша нохчийн г1арабевллачу йаздархойн, поэтийн произведенеш дагахь, произведенин чулацамах, маь1нех кхеташ хилар гойтуш, васт дастаран к1оргалле кхачар гойтарца, синхаамца, аудитори шовкъе йоккхуш йийшира. Эшаршца, хелхаршца, шайна ненан мотт безаш, хууш хилар дешархоша гайтарца, йерзийра мероприяти.

