Нохчийн Республикин Парламентехь "Кегийрхойн кхолларалла" цӀе йолчу 4-чу республикин къ... — 28 мая 2026 г. в 19:34:07.459
Нохчийн Республикин Парламентехь "Кегийрхойн кхолларалла" цӀе йолчу 4-чу республикин къовсамехь толам баьккхина студенташ совгӀаташ даларца билгалбехира. И маьӀне хилам Нохчийн Республикин Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (ДАЛА г1азот къобалдойла цуьнан) вина 75 шо кхачарна лерина бара, кегийрхошна къоман литература Ӏалашйар, кхиор, йовзийтар Ӏалашо а йолуш. Дешан исбаьхьаллин лаккхара тIегIа а, къоман гIиллакх-оьздангаллех кӀорггера кхетар а гойтуш, "Проза" декъехь хьалхара меттиг йаьккхира НПХьУ-н 2-чу курсан дешархочо Вахаева Марьямас. "Поэзи" декъехь шолгӀа меттиг йаьккхира НПХьУ-н 3-чу курсан студента Папаев Хьамзата, цуьнан байт шен суртхlотторца а, к1оргаллица а къаьсташ йара. Толамхошна грамоташ а, мехала совгӀаташ а делира. Цу хиламо кхин цкъа а тӀечӀагӀдира нохчийн кхузаманан литература кхиорехь а, къоман культурин тӀаьхье Ӏалашйарехь а дешархоша мехала дакъа дӀалоцуш хилар. #ПрограммаРазвития_ЧГПУ #Нохчийн_мотт

