Чиллин беттан ткъолг1ачу дийнахь Мескета йуьртан Айдамиров Абузаран ц1арах йолу ишколех... — 20 февраля 2026 г. в 12:39:26.196
Чиллин беттан ткъолг1ачу дийнахь Мескета йуьртан Айдамиров Абузаран ц1арах йолу ишколехь д1айаьхьира Этнографически диктант " Беза, бовза Ненан мотт! "Диктант йазйеш дакъа лецира дейтта шарал лакхара дешархоша, хьехархоша. Дакъа лоцуш вара доьзткъе йалх декъашхо. Дешархоша г1иллакх-оьздангаллех лаьцна, нохчийн маттах лаьцна долу хаарш теллира. Дешархоша ч1ог1а лерина т1еийцира и т1едилларш. Нохчийн мотт ларбар- коьрта 1алашо йу.

