В МБОУ "СОШ "Мир знаний" с. Герменчук" прошло общешкольное мероприятие, приуроченное "Д...
В МБОУ "СОШ "Мир знаний" с. Герменчук" прошло общешкольное мероприятие, приуроченное "Дню Чеченского языка". Наши талантливые ученики порадовали нас красочными номерами! Бекалахь нохчийн мотт, Сан къоман аз хилий. Сингаттам беъначохь, Пондаран мерз хилий. Сатесча Даймахке, Шовданан ч1уг хилий. Самукъа даьллачохь, Мехкарийн йиш хилий! Ламанийн локхаллехь Аренийн сеналлехь. Нохчийн мотт бекалахь, Зарзаран мукъамехь! Бусулба дин долчохь, Ийманан нур хилий. Барт боьхна доьзалехь, Машаран т1ай хилий. Накъостал эшначохь, Къонахчун дош хилий. Тешнабехк биначохь, Болатан суй хилий! Ненан къинхетамехь, Дас лучу хьехамехь, Бекалахь Нохчийн мотт, Даимна бекалахь!