Лераме Хож-Бауди Буарович! — 10 июля 2026 г. в 17:06:36.821
Лераме Хож-Бауди Буарович! Тхайн ишколан куьйгаллин, белхалойн, дешархойн ц1арах оха даггара декъалво хьо винчу денца! Ирс, аьтто болуш, могшаллица, машаре хуьлда хьан дахаран некъ! Дала накъостийн тешаме гуо ма эшабойла хьан, даиманна иштта хьуьнарца, беркате, ирсе хуьлда йуьхьара лаьцна некъ! Хьан куьйгаллица дуккха а толамаш хилла, Дала уьш кхин а шо-шаре мел дели а алсам хуьлитийла! Зенех, зуламех Дала 1алашвеш, доьзалан а, гергарчеран а вуо ца гойтуш, беркате деана хуьлда х1ора а де!✨

