САН ХЬОМЕ БУСАЛБА ВЕЖАРИЙ, ЙИЖАРИЙ! — 19 марта 2026 г. в 16:18:07.677
САН ХЬОМЕ БУСАЛБА ВЕЖАРИЙ, ЙИЖАРИЙ! АС ДАГГАРА ДЕКЪАЛА ДО ШУ МАРХА ДОСТУЧУ ДЕЗАЧУ ДЕНЦА! Везачу Сийлахьчу Къинхетамечу Лекхачу Комаьршачу АЛЛАХӀА къобал дойла шун марханаш, ламазаш, таравихьаш, ӏамал-ӏибадат. Везачу Дала хьегна къа, лайна халуо меле йаз йойла! Массеран а доӏанашна Аллахӏа, чаккхе йоцчу къинхетамца, жоп лойла. Вайн пайхамаран (С ӏ.В.) умматана совгӏат динчу Рамадан батто, ша кхаба ма-беззара кхебира, шен сий-пусар дира, аьлла Махьшаран арахь, тоьшалла дина, шапаӏат хир долчу бусалбачу нахах дойла вай дерриге а! Аллахӏа тӏедогӏу долчу 1448 шеран Рамадан батта кӏел дуьгийла вай, могуш-маьрша а долуш, вовшийн диэзаш, сий-пусар деш!Дала декъала дойла дойла шу ӀИЙДАН ДЕЗАЧУ ДЕНЦА!

