Нохчийн мотт! Сан ненан мотт! Азаллера дуьйна Нана-Дег1аста х1аллакйан г1ерташ, чуг1ирт... — 29 ноября 2025 г. в 21:54:12.248
Нохчийн мотт! Сан ненан мотт! Азаллера дуьйна Нана-Дег1аста х1аллакйан г1ерташ, чуг1иртинчу 1аьржачу ницкъанашна йуьхьдуьхьал лаьтташ, вайн оьздачу дайша ларбина, тахнене схьакхачийна мотт. Аганан г1ожца хьан нанас хьуна тайна мукъамаш хазийна мотт. "Нана!" - аьлла, хьо винчу хьайн нене ахь дуьххьара кхайкхина мотт. Хьайн ден аьхналла, къонахаллин амал хьуна йовзийтина мотт. Хьо беза а, хьоме а бу х1ора нохчочунна, хьо ларбар, 1алашбар, шен сий лардар санна, важаб а хеташ. Дойкур-Эвларчу лоьмар 1 йолчу ишколехь вовшахкхетар д1адахьаро гойту вайн нохчийн меттан исбаьхьалла а, цуьнан к1орггера чулацам а. Тхан боккхачу бертахьчу доьзало доггах къахьийги х1окху къовсамехь. Эзар гергга болчу дешархойх дакъалоцуш б1е герга вара. Х1оранна а лаьара шен нохчийн маттах долу хаарш, шен ненан маттаца йолу з1е, шовкъ д1агайта. Уггар жима декъашхо биъ бутт кхаьчна Катаев Шемалан к1ант Асадуллах1 а вара. Иза къовсаме валийнера шен нанас, цунна б1аьрла гуш хилийта, ненан мотт аганахь дуьйна схьа берана 1амош хила безаш хила безий. Къовсадалар кхаа декъе декъна дара. Хьалхарчу декъехь дакъалоцуш 3-5-чуй классашкара дешархой бара. Цара нохчийн поэтийн, йаздархой байташ йийшира. 1аламат йоккха говзалла а гайтира цу т1ехь. 6-8 -г1ий классера дешархоша морфологих хаарш гайтира, иштта нохчийн йаздархойн кхоллараллех лаьцна хаарш а гучудехира. 9-11-чуй классашкахь доьшучара синтаксисах, морфологих долу хаарш гойтуш, нохчийн литература йовзар гойтуш, д1адаьхьира къовсадалар. Ала лаьа, х1ора а къовсаман декъашхочун, массо а декъашхойн а 1алашо цхьаъ йара - ненан мотт 1амош, бевзаш каде хилар, хьуьнаре хилар, ненан меттан сий дар, ненан мотт безар. Массеран а кху къовсамехь Дала аьтто бойла! Дала вайн ненан мотт ларбарехь, кхиорехь, нохчийн г1иллакх-оьздангалла лардарехь нисдойла вай!

