Министерство транспорта, связи и цифрового развития Чеченской Республики
Прочее · 25 апреля 2026 г.
Хьоме махкахой! — 25 апреля 2026 г. в 19:14:08.364
Хьоме махкахой! Тахана, х1окху хазачу б1аьстенан дийнахь, Нохчийн меттан дезачу денца суна даггара декъалван лаьа Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, ишта вайн махкана дог лозуш, доьналлех, г1иллакхех дуьзна долу вайн нохчийн къам а! Вайн дезачу денойн рузми тIехь кху терахьо къаьсттина сийлахь меттиг дIалоцу. Нохчийн меттан де диллина ненан меттан сий-ларам лакхабаккхаран Iалашонца. И гIуллакх вайна гуттар а дара коьрта маьIна долуш, мотт вайн къоман башхаллин чIагIо хиларна. 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана оханан беттан 25-г1а де Нохчийн меттан де хир ду аьлла омра дина, хаза кхаъ хилира дерриге къомана. Цхьа а шеко йоцуш, нохчийн мотт кхиоран а, марзбаран а 1алашо йолуш, нохчийн йукъараллин оьздангаллин хьал тодарехь а, къоман бакъдолу ламасташ, г1иллакхаш меттах1итторехь а коьрта дакъа хилла д1ах1оьттина и беркате сацам. Хастам бу-кх Далла, бусалба динехь вай нисдарна, оццул хаза, хьалдолуш, къоман хазна хилла лаьтташ болу ненан мотт вайна баларна! Хастам бу Аллах1ана бусалба динан, нохчийн меттан барам боцу хьурмат деш волу Мехк-Да вайна нисварна! Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дIадолорца кхиамца кхочушйеш йу нохчийн меттан гIолацаран а, иза кхиоран а программаш. Нохчийн мотт ларбаран а, марзбаран а Iалашонца хIора шарахь республикехь дIахьо дуккха а конкурсаш, фестивалаш, конференцеш. Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Хьо бахьанехь вайн къоман тоделлачу хьолан мах хадийна вер вац. Везачу Аллах1а диканца бекхам бойла хьуна! Дала хьан сий деш долу нохчийн къам совдоккхийла мотт безарехь, 1аморехь, кхиорехь! Дала т1аьхье беркате йойла вайн! АЛЛАХ1У АКБАР! АХМАТ-СИЛА!

