МУ "Отдел культуры Ачхой-Мартановского муниципального района"
Новости · 25 апреля 2026 г.
Лараме Нохчийн Республикин МЕХК-ДА АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН, хьоме махкахой! — 25 апреля 2026 г. в 06:08:16.061
Лараме Нохчийн Республикин МЕХК-ДА АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН, хьоме махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Нохчийн мотт - иза вайн дахаран дакъа а, вайн башхалла а, кхетаман а, леларан а амат ду. Кхетош-кхиоран мехала г|ирс а, къоман син-оздангаллин билгало а йу иза. Ненан мотт Іалашбар а, т|екхуьучу чкъурашка иза къоман синан т|аьхьало санна дІакхачор а - иза вайн деза декхар ду. Хьоме доттаг|ий! Вай нохчийн мотт ларбан а, Іалашбан а, кхио а, вешан историна муьт|ахь хила а, цуьнан баххийн ларам бан а декхарийлахь ду. Везачу ДАЛА г|о дойла вайна цу т|ехь. ДАЛА т|аьхье беркате йойла вайн!

