«Ненан мотт - бу и бахам, — 20 февраля 2026 г. в 09:19:54.179
«Ненан мотт - бу и бахам, Ларбан безаш хІораммо... Ду и сан дехар хьога, доттаг1а!: Ненан меттан ларам бе!» Чиллин беттан ткъолг1ачу дийнахь «Беза, бовза ненан мотт!» ц1е йолу нохчийн регионан этнографин диктант д1айаьхьира Толстой-Юьртан лоьмар 2-йолчу школехь. Диктантехь дакъалоцуш бара дешархой а, хьехархой а. Нохчийн меттан а, литературийн хаарш зийра цара.

