Рубежни юьртарчу Культурин цӀийнехь дӀаяьхьира нохчийн меттан денна лерина «Нохчийн мот... — 25 апреля 2026 г. в 03:57:53.056
Рубежни юьртарчу Культурин цӀийнехь дӀаяьхьира нохчийн меттан денна лерина «Нохчийн мотт - къоман хазна» цӀе йолу концерт. И мероприяти нохчийн меттан дош а, культура а, ламасташ а даздар хилла дӀахӀоьттира. Сцени тӀера хезаш яра ненан матте болчу безамах, къоман тӀаьхьенан ларамах юьзна байташ, иллеш, довха декъалдарш. Ишттачу барамаша гӀо до вайн культура а, ламасташ а, хьаха, вайн ненан мотт а – халкъан бакъболу бахам – ларбан а, тӀекхуьучу тӀаьхьенашка дӀакхачо а. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!

