Нохчийн Республикан могшал lалашйаран министран Алханов Адаман Нохчийн меттан даьнца де... — 25 апреля 2026 г. в 20:35:23.009
Нохчийн Республикан могшал lалашйаран министран Алханов Адаман Нохчийн меттан даьнца декъалдар 📖 Нохчийн меттан денца даггара декъалво Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо, лараме Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Иштта декъалдо вайн дерриге а нохчийн къам! Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) нохчийн къоман мотт а, культура а ларйар коьртачех лорура. Ненан матто лардеш ду нохчийн башха гIиллакхаш а, ламасташ а, Iадаташ а. Вайн шатайпаналлин а, культурин а дIакъасто йиш йоцу дакъа ду вайн мотт. Вайн Мехк-Дас цуьнан сийлалла лаккхарчу тIегIан тIехь латторна а йоккха терго йо. Тахана Нохчийн Республикехь дерриге а хьелаш кхоьллина ненан мотт кхиорна, баржорна. Мотт Iалашбар, тIекхуьучу чкъурана цуьнан хазна дIакховдор — вайн хIораннан а сийлахь декхар ду. Дала вайн мотт ларбарехь сов дохийла вай! Дерриге нохчийн халкъана дахарехь ирс-аьтто а, машар а хуьлийла! Нохчийн меттан денца декъалдойла вай! ДАЛА тIаьхье беркате йойла! АХМАТ - СИЛА! АЛЛАХIУ АКБАР!!!

