Лараме махкахой! — 22 апреля 2026 г. в 09:24:24.613
Лараме махкахой! Хазахетарца кхаъ боккху шуьга, "Зорбатохаран цIийно" "Стелаlад" журналан 40 шо кхачарна а, тlекхочучу нохчийн меттан денна лерина арахецна керла жайна "Стелаlодан хазна" Хаьржинарш 1 том. Проектан автор ву "Зорбатохаран цlийнан" куьйгалхо Саралиев Шарпатдин. Жайни йукъайахана нохчийн йаздархойн тоьлла берийн говзарш, халкъан туьйранаш а, дийцарш а. Берашна нохчийн мотт а, гlиллакх-оьздангалла lаморехь доккха гlо хир ду хlокху киншкех. Берашна самукъане хир долуш, вайн суртдиллархоша исбаьхьчу суьрташца кечдина хlара жайна. Вайн ворхlе дайшкахь дуьйна баккхийчеран lуналлехь кхиина бераш. Царна халкъан дlадахана дахар, хилларш-лелларш дуьйцуш. Тахана хlокху киншкех боккха пайдаоьцур бу баккхийчара, шайн берашна хьекъал даларехь, царах нохчийн дог долуш, махкахой кхиорехь. Сихло берашна деза совгlат дан! Ма байта доьза нохчийн мотт! Дала тlаьхье беркате йойла вайн!

