Ахмадов Муса — 11 апреля 2026 г. в 06:47:49.592
Ахмадов Муса Цlогlа тухуш, дlаяха цlерпошта, Хийла вагон тlаьхьаийзаеш. Чкъургийн цlийзар лаьтта тарлац дожа – Стиглахь дека. Доьлху, хорам беш. Тата дlадайн, тийналла дlахlоьтти, Марха хилла, дlабайн Іаьржа кlур. Амма кхин цlерпошта новкъа хlоьтти, Юхаъ хlаваъ декош, ойуш дур. ДІаяха и... Иштта керча пана ХІораннан а дахар – маса чкъург. Цкъа – бералла, къоналла а – кхана, Лама Іийча — къаналла а гур... 1975 ш.

