Шамсудинов Бувайсар – Кадыровн орденан кавалер, «Даймохк» газетан коьрта редактор, поэт... — 7 апреля 2026 г. в 08:15:31.242
Шамсудинов Бувайсар – Кадыровн орденан кавалер, «Даймохк» газетан коьрта редактор, поэт, прозаик, драматург, журналист. Хlокху деношкахь Бувайсаран зорбанера арайаьлла ши книга: «Хаьржинарш» («Избранное»), «...Цхьа доlа, йа Чуьртан lиндагlа» («...Одна молитва, или Тень от стеллы»). Хьалхарчу гуларна авторо тайп-тайпанчу шерашкахь йазйина байташ а, прозехь йазйина говзарш а, иштта "Верас" цlе йолу пьеса а йукъайахана. Ткъа шолгlачу киншкина йукъайахана стихашкахь роман(авторо ша билгалйина и жанр) «...Цхьа доlа, йа Чуьртан lиндаг1а». Даймахках лозу дог, Даймахкана доьлху дог, Даймахках доккхаде дог - доцца аьлча, ишшта ала мегар ду Шамсудинов Бувайсаран исбаьхьаллин пафосан хьокъехь а, адамаллин хьежамах лаьцна а. «Зорбатохаран цlийнан» коллективо даггара декъалво хьо, Бувайсар! Дала хьан дахарехь кхин а дуккха а похlме говзарш хуьлийла! Дала диканца дукхавахавойла хьо!

