Матагов Ихьсан — 16 марта 2026 г. в 06:00:27.059
Матагов Ихьсан *** Ас иллин схьадалар теллира, И илли хьох доьзна хетта. Цхьаццанга хаттаре диллира, ТIекхиа сайна ма-хетта. …Йаздинарг мила ву, хьенан? …Муьлха ду, йаздина шо? Итт шо ду йа кхин а къена? Муьлха хан чулаьцна цо? Хьо йуьйцуш санна ма хета Цу иллин могIанаша… Ойланехь эмгаралла лета Карзахе хьийзачу сан. *** Iилма Iамор дезаш волчу суна хьан амалийн Iилма довза лаьа, лаьа хаа: йуург муьлха йеза, муха молу чай – теза йа мерза? *** Тахана цхьаьннан хIусам къагош, Той ду, шуна, доьдуш дIа, Кхечу кертахь, дегнаш дагош, Доьзалхочун дели са. ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2025)

