Ахмадов Муса — 10 марта 2026 г. в 09:48:51.012
Ахмадов Муса Лелаш долу сагIа Урамехь, цIийна хьалха долчу гIантахь хиина Iачу йоккхастага Кабирата хьаьдда воьдучу шина кIанте гIийла мохь туьйхира: – ХIей, воьду шиъ, собардел цкъа! Мохь гIийла тоьхнехь а, шина кIантана хезира. И шиъ йухавирзира. – Де дика дойла хьан, баба! – цхьатерра дийкира шиннан а аьзнаш. – Диканца дукха вехийла! ХIун йу шу цIераш, дагайахкитал, бабина йицйелла? – Кхуьнан цIе Халид йу, сан цIе Аюб йу. – Кху цIа чохь Iийна воккхастаг дагавогIий шуьшинна? – хаьттира Кабийрата. – Дера вогIу, вашис тхойшинна Къуръан деша ма Iамийра, – элира Аюба. – Iамийра дера. Диц-м ца дина ашшимма Iамийнарг? – Ца дицдина. Дадас сих-сиха доьшуьйту тхоьга Къуръан. – Тахана хIун буьйса йу хаьий шуна? – хаьттира йоккхастага. – Ца хаьа, – элира Халида. – Тахана йеари де ду, – элира бабас. – Йеари де дIадаьлча хIун буьйса хуьлу? – ПIераскан-буьйса хуьлу, – элира Аюба. – Йелахь, тховса дадас Къуръан деша эр ду, – элира Халида………………………………………………… ТIаьхье йеша «Стела1ад» журналехь (№2.2025)

