Ахмадов Муса — 15 июня 2026 г. в 09:11:59.264
Ахмадов Муса «Пхьарматан» доьзал Гуттаренна стеган сица даха дуьсу кIезиг хIуманаш – уггаре а мехалнаш, уггаре а чIогIа Iаткъам бинарш. Иштта ду бераллехь хьан кхетам кьагийна, хьуна дуьххьара малх гина де, иштта йу жималлин марзонаш – доттагIалла, дуьххьарлера безам… Церан могIарехь ду суна «Пхьарматехь» айса дакьалацар а. Оцу литцхьаьнакхетараллехь хиллачу заседанеша, цигахь динчу къамелаша, накъосташца хиллачу йукъаметтигаша дуккха а хIуманаш хийцина аьлла хета суна сайн амалехь а, кхоллараллехь а. Деа шарахь (1976 шарахь дуьйна 1979 шеран аьхке тIекхаччалц), оцу литцхьаьнакхетараллин куьйгалхо вара со. Уггар къоначех велахь а, накъосташа сох тешийнера литцхьаьнакхетараллин тIехь куьйгалла дар. Куьйгалла дар аьлча а, заседанеш (баттахь цкъа йа шозза хуьлура уьш) кечйеш, накьостийн произведенеш йоьшуш, уьш кхечаьрга дIасалуш, критически статьяш йазйеш, телевиденехь, радиохь передачаш йеш, гIалахь а, йарташкахь а цхьаьнакхетарш дIахьош, хаддаза дийнахь а, буса а болх бар дар-кха сан куьйгалла... ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2025)

