Лаьмнийн к1оштийн, жима а, йуккъера а совдегаралла кхиоран шарна — 15 июня 2026 г. в 08:42:48.177
Лаьмнийн к1оштийн, жима а, йуккъера а совдегаралла кхиоран шарна (К Году горных районов и развития малого и среднего предпринимательства) Умхаев Хьамзат Нохчийн лаьмнашкахь …Нашха а, ГаланчӀож а Ӏаламан хазаллица а, тайп-тайпана нохчийн къоман материальни культурин хӀолламаш – бӀаьвнаш, гӀаланаш, маьлхан кешнаш – хиларца а уггаре токхечех йу республикехь... Экспедицехь дакъалоцуш бара Нохчийн пачхьалкхан университетан географически факультетан а, Аргунски историко-архитектурни а, Ӏаламан а музей-заповедникан а, «Грозный» телеканалан а, альпинизман федерацин а белхахой а, ламанца йолу меттигаш дика евзаш болу вайн махкахой а. Верриге а – 14 стаг. Экспедицина информационни кхачо йар «Грозный» цӀе йолчу Нохчийн пачхьалкхан телерадиокомпанис шена тӀелаьцнера. Билгалдаккха деза, хӀара болх Нохчийн Республикан куьйгалхочун лаамца болийна хилар. Хууш ма хиллара, Кадыров Рамзан вайн лакхахь йийцинчу йукъараллин республикански отделенин попечительски советан куьйгалхо ву.

