ХӀокху лаьмнийн хӀора тӀулг а, — 8 июля 2026 г. в 10:58:46.566
ХӀокху лаьмнийн хӀора тӀулг а, ХӀокху лаьмнийн хӀора чурт а, ХӀора Ӏин а, хӀора тарх а, Кхузахь кхета хьаьгна малх а, Херцаршна тӀебоьду некъ а, Маьлхан кешнех юьзна хьех а, Кхайкханза мел дисна аз а, Шарбанза мел бисна барз а, ХӀокху мехкан хаьдда кхоллам, ХӀора юрт а – иэсан хӀоллам, ХӀокху лаьмнийн боккха бахам – ТӀулган бӀаьвнийн шира дахар, Къаночуьнан къена хьехарш, Къоначеран сийлахь декхарш, Къинойх цӀенчу берийн гӀайре, Хино яьхьна йоьӀан къайле, ХӀокху лаьтта ас ког ловззалц, Кхузахь суна сайн са довззалц, Кхузахь хилла йоцу цкъа а, Суо кху лаьмнийн хетча дакъа, Дагна, Ӏеткъаш, даз мел делларг, Сан Даймахкахь хилларг-лелларг, ТӀамарх доьлларг, цӀийца ийнарг Самадолу-кх хӀокху дийнахь. Арсалиева Люба (Видео: lуьйре Хlиндахь (Чlебарла)

