Шайхи Арсанукаев — 15 июля 2026 г. в 21:05:05.642
Шайхи Арсанукаев Варий, йоӀ, ма гӀолахь Поэте маре, Ма теша поэтах, Дийцарх цо говза. СовгӀатна кхийдор ду Стигланийн дари, Бохур ду: "ГӀуо вайша седарчех ловза!" Ткъа кхана ахь хӀусам Готта йу алахь, Йоьшур йу стих хьуна: "Даймохк бу шуьйра..." Йа чохь-тlехь оьшуриг Далхо хьо йолахь, Iехор йу, бер санна, Дийцина туьйра. Шун хӀусам йаьккхинчу Книгашна йуккъехь Ма леха – карор йац Хьуна сберкнижка. ГӀелйелла ахь бахарх, Аьхкенан йуккъехь Йуьгур йац шеца хьо Сочи йа ЧӀишка. Суьйренаш хийла а Токхур йу корехь, Тийналлин марахь ахь, Дагах цӀе летта, Ткъа поэт – хьан майра – Оьгlаз ма гӀолахь, Лаьттар ву, кхечуьнга Кхийдош хӀоз беттан! Варий, йоӀ, ма гlолахь Поэте маре. Ма теша поэтах, Дийцарх цо говза. СовгӀатна ма эца Стигланийн дари, Ма гӀолахь хьо цуьнца Седарчех ловза!

