Нохчийн меттан денна лерина, вайн дешархошна юкъахь «Забаре дийцарш» цӀе йолу конкурс д...
Нохчийн меттан денна лерина, вайн дешархошна юкъахь «Забаре дийцарш» цӀе йолу конкурс дӀайахьира. Цуьнан коьрта Ӏалашо йара берашна шайн ненан меттан хазалла йовзийтар а, церан къамел кхиор а, забаре дийцарш дийцарца церан кхоллараллин говзалла гучуйаккхар а. Дешархоша чӀогӀа самукъане а, беламе а дийцарш дийцира, гулбеллачеран дог-ойла айира. Дакъалаьцначу массарна а баркалла олу вай! Нохчийн мотт — вайн сий ду, иза бийца а, Ӏалашбан а деза вай! #НохчийнМотт #НохчийнМеттанДе #ЗабареДийцарш #Дешархой #Конкурс #Нохчийчоь